Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 11

Эскар
II

Оглавление

ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал яьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.

ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхяьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.

Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Я командирашца а я тIеман накъосташца а йолу юкъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца евллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.

Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.

Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу юкъаметтиг.

ТIеман уставаш дагахь шаръяр, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу яьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.

Юьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.

Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъян дуьхьало яр. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш яра, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна юьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана юкъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш юкъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот яьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.

Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.

Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан яьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа яьржина яра. Цхьа шо а сов эскарехь хан яьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.

Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, я иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш яра, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.

Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг юьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал яра. Латар массо а бакъенаш ларъяш дIадахьа дезаш дара – дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.

Нийсса пхи-ялх секонд ялале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.

ШолгIачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.

Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин агIонехула гIовса ца хууш санна Iоттар йира:

– Нагахь санна массара а къаьмнийн юкъаметтигаш Тасуев ИбрахIима санна къастош ялхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара.

ИбрахIима ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг я ИбрахIимана а, я кхи болчарна а тIаьхьало йоцуш ца диссира. Самвела юха а шен махкахой Арсенна дуьхьал гIовттийра. Цара казарман уче а ваьккхина кIело йира цунна. Оцу кепара юха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера. И дов цхьаьна баттахь къастош дара тIеман дознавательс.

Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, ИбрахIим а. Дешаран декъан командира и гIуллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха таIзар ца дира – кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.

ИбрахIим цхьанца а башха доттагIалла а я гамо а ца лелош, тийна-таьIна воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца юьссура эпсаршна а, командирашна а.


Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша я инзаре хьал долуш верг хир ву, я карахь Iедал дерг хир ву. Заманан йохалла дахаро Iамийра ИбрахIим цу дешнийн ма-дарра маьIна дан.

Советан эскарехь тIеман декхара дIакхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а хьалха хIиттийна Iалашо ю жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.

ИбрахIим «кхетор» шена тIелаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а гIоьртина вара цуьнца. ИбрахIимана Iоттар ян даима цхьацца бахьана карадора цунна. Собарах воха кийчча вара ИбрахIим. Амма накъосташа хаийтира цунна тIейогIуш хала киртиг хиларах лаьцна…

Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалгIачу курсера дIаваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, я цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна юкъахь иза даима а къаьсташ вара. ИбрахIимал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи дIа а тIеман декхара дIакхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош. Юрий тамехь кIант вара. ХIоранца а дан къамел карадора цунна, цул совнаха гулбеллачеран самукъа даккха а – Юрийн гитара лакха а хаьара.


ЦIеххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, ИбрахIиман а дика доттагIалла тассаделира. Юрийс дукха хIуманна тIехь бIаьргаш биллира ИбрахIиман. Шегахьара оьшу гIо дан тешо а йира. ИбрахIима хазахетарца тIелецира шега кховдийна доттагIалла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта хIума а хуьлура.

Ах шо хан елира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь дIадоьду. ТIаьххьара кIира сержантийн школин курсанташ арахецарна лериначу даздарна тIеман декъехь кечамаш беш дIаделира.

Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маьIне хиламна кечам беш. Iуьйранна дуьйна сарралц дIасауьдура уьш тIеман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш дIайохуш. ЦIаналла лепаш яра ерриге а хьаьрма. Нагахь санна цIеххьана тIеман инспекци кхачахь а, юьхьIаьржа хир бацара уьш. ТIеман жима гIала кечйинера тайп-тайпаначу транспоранташца, байракхашца. Геннара бIаьрг тоьхча а гуш дара кхузахь боккъалла а даккхий даздарш дуй хила дезаш. Школин арахецархой а, куьйгалла кийча бара даздаршна. Дешарехь а, балха тIехь а кхиамаш гайтинчу эпсаршна а, сержанташна а тайп-тайпана совгIаташ далар а, керла цIерш ялар а, цхьаболчарна цхьаьна ханна Даймахка цIа баха бакъо ялар а кханенна лерина дара. Кхана тIекхочу Хьалхара Май – массо а къинхьегамхойн дезде.


Iуьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан цIарах йолчу гIалин коьрта майданехь тIеман парад дIаяхьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а.

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх