Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 17

Дай баьхна Латта

Оглавление

I

Москва – Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза дIа а аьлла машенчу хиира ИрахIим. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза яра Соьлжа-ГIала кху гуьйренан Iуьйранна. ИбрахIима бIаьрг тIера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ тIера.

ДIауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула дIавоьду хIора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-ГIалара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа юха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу юьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш Iуьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма яра ИбрахIиман юрт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера бIаьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн гIаларташ. ПохIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма яра хIара юрт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.

Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима – дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ. Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.

– Да висса, Нохчийчоь… йиш ялара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот яьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а.


Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь яздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух яра. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а яханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира. Бер деш Ольга дIаелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.

И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко яцара Ольга яларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен езар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма яцара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.


Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьаяьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.


Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьаеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу гIертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и ИбрахIиме дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттагIа шена уллохь хила лаам буйла дIахаийтар.

ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий дIакъаьстира вовшашка кехаташ яздан а, гергарло лелон а тешо а йина.


…Машен юьрта чуйогIуш яра. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу юьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузара дахар. Массо а маьIIера схьахезаш яра зIаькардаьхниша ен гIовгIа, гуьйре ялахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма цIена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна тIекхача лууш санна, кху юьрта кхача хьаьгна вара ИбрахIим. Хеталора урамаша а ерзор ю кху тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дегIана а дахаро мел йина чевнаш.

ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал етташ, адамийн тидам тIе а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.

Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхаяьлла йогIура нана – ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш. ИбрахIиман агIонера машенан неI дIа а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:

– Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант

Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!

Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра. Цо элира ша муьлха а хIума дIадала кийча ю, къизачу таксиста шен кIант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстагIан метта ИбрахIим волчарга дIавала. Цу тIехь сихонца барт а хилира. УьстагI таксистан багажникана чубуьллушшехь ИбрахIим машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа гIуллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене кIур эккхийтина дIавахара.

Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар. Цунах кхеттачу ИбрахIима сихонца маракъевлира да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа юкъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан чIагIдала гIертачу дагна тешнабехк беш, беснитIехула охьахьедира бIаьргара хин тIадам.

Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.

– Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант – шен дагахь элира Заурбека.


ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а тIедеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш тIелаца кийча хилар. Ма доккха маьIна ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам бIешерашкахь дуьйна я кхолламе а, я мостагIашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа тIехь шен сий долу меттиг дIалаьцна лаьтташ.

Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.

Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа юха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.

Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза еттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа юха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.

Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш яц, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш яц, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.

Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.

ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна юххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.

Маржа-яI, нохчийн пондар! Маржа-яI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-юрт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостагIчунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостагIашна гойтуш церан бIо мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал чIогIа дуйла…


Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Юха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг цIераваьлла дуккха а хан яьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, юьртхошна а тIехIотта.

ИбрахIим хIинца гуттаренна а цIа вирзинера. Яханчу заманехь йиссира эскарца а, тIамца йоьзна цуьнан дахаран агIонаш. ЦIа веана кхаа денна юкъахь ИбрахIим декхарийлахь вара кIоштан тIеман комиссариате а вахана тIеман учете хIотта а, иштта паспортни столехь регистраци ян а.


ТIеман комиссара бехк баьккхира ИбрахIимана тIеман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. ЦIахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански тIеман ветеранийн юкъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха хIотта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара юридически институте деша хIотта а. Дукха дехараш дира цара ИбрахIиме, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла хIуммаъ галъяьлла йоццушшехь. Министерствехь массо а цецваьллера, хIунда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а агIонаш лоьхура цига балха хIотта. Амма ИбрахIим къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена хIун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо кIезиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела ИбрахIима тIетаьIIина кечам бора Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша хIотта.

II

Аьхка ИбрахIим университете деша хIоьттира. Деша хIуттучу хенахь цо пайда ца ийцира тIемало-интернационалист ву аьлла шен йолчу льготех, иштта КПСС парти юкъахь ша хиларна а тидам тIе ца хьажийра. ТIеэцаран комиссина иза чIогIа хаза а хийтира, хIунда аьлча цу заманахь коммунисташ даима шайн бакъонаш Iора йохуш, адам кхерош хуьлура. Республикехь царех боккъалла а кхера а кхоьрура нах.

Замано дIалистира ИбрахIиман дахарера керла агIо – студенчески шераш дIадуьйладелира. Юкъараллин болх беш, университетан дахарехь цо жигара дакъа лоцуш хилар бахьана долуш, даг тIехь бина ша а, меллаша баша болабелира. Университетехь иза дзюдо а, самбо а латаран кепашах кхиамаш гойтуш вара, иштта шен тобанан куьйгаллехь а вара, университетан партийни комитетан декъашхо а вара.

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх