Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 14

Безаман Къа
I

Оглавление

ДIаделира цхьа кIира. Кегий нах кхи зIене ца бевлира. ШолгIа кIира а дIадахара мехкарша гIайгIане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху кIирнахь шаьшиъ ИбрахIимца вогIур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина едда яхара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза неIан горгали боьттура, амма неI схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан гIовгIа хезна дIахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйогIу Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина мараетталора Галина. Ольга-м сиха кхийтира шен накъост стенах йоккхаеш ю. Цу суьрте хьоьжуш, йист ца хуьлуш лаьттина нанас, эххар а собар кхачийна элира:

– Собар де-кх шиммо а! Ма бишк тухур ду ас шуьшинне а.

Ткъа дегнаш иракара хIиттинчу шина йоьIана-м и кхерам хезаш бацара.

ТIекхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу гIуллакхо кхин а чIогIа ирсе йинера ши йоI. Бакъ волчу тIемалочун хотIехь волчу шина кIанта бен доцуш ца юьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала елакъежара и шиъ кIенташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.

Уьш бехха Iара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна тIегIертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан яьккхира. ХIинца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.

РогIера цхьаьнакхетар дийцаре деш, ИбрахIиман а, Юрийн а сацам хилира шишша дIасакъаьстина хан яьккха. Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолаяла яхара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.

Маржа-яI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург етта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а ерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:

– ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна жоьжахатан кевнаш!

Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма еза Iовша…

Ешна книгаш, гина фильмаш йийцаре еш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, юха чIогIа йоьIан куьйг шена кераюкъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа юха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана.

Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь яздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.

ИбрахIиман а, Ольган а юкъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш яра. Муьлха а мокъа минот яьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр яра цу шинна юкъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна юххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла.

Царна юкъахь яьлла цIе кхин а чIогIа марсаелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Юхьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIаеккхира и шеко.

Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа юха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора. ИбрахIиман карахь эрз санна юьткъа яра йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз. Ткъа йоI ирсе яра. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча яра цуьнан карахь яга…

Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел юха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:

– Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…

Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна ямарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна ямарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх