Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 9

СИЙ
III

Оглавление

Юха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьртана тIехула шен сийналла яржош. Заурбекан кертахь юха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна маIьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а яцара.


Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, юьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда еса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима юьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а юкъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун юьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.

Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш юха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша араьяккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна яьлла хаза йоI.

Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьаялош веанчух цхьаммо иза дIахIотта еза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.

– Цара хIун леладо, – бохуш гIовгIа хезира адамашна юкъахь.

Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, яхана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша яшийна шен къона, хаза юьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан яьлла елахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана юйла. Цуьнан кхоьлина юьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах яла, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна юккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:

– Со кху йоьIан нана ю… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла ерг, суна а де…


Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.

– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза яккхахь!

Хедас елакъажарца марйоьллира шен йоI:

– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган. Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.

Божаршна юкъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а ялийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна юкъахь харжам а хIоттийна бара нана, я йоI хьанна кхочур ю. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.

Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина юххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:

– Ас Делах дуй ма буу, кху керта еана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна я, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…

Араяьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена йоI.

– Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана – йоьлхура йоI.

– Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр яц хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша ю, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь ю хьуна.

Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу еа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.

ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза ян шайн йоI ялош баьхкинарш, корта хьалаайа юьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла ян бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Юкъараллехь шен цIе ларъярхьама, шен сих яьлла, шен хьоме йоI сийзаян нехан кара дIаеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла яра – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?

Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.

Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира

– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.

Минот а ца елира хьеший шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, юьртара къайла бовла. Юха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестира. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу яьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла яра цара елхош ерг. Кхузахь минот хьалха хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта кураллица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан яьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.

ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:

– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!

Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:

– Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.


Буьйсано юха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх