Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 15

Безаман Къа
II

Оглавление

Ольги да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла. ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагаелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха.

Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а юкъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.

Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй. Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш яц цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана ямарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг.


Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна юкъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика ян а.

Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца еллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:

– Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.

ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса юккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана юкъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.

Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.

Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах я, шуранах хуьйцура иза, амма юха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.


Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:

– Гой хьуна! Боккъалла а хьо езаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!

Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат юх-юха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха хIумнах ца кхетара, муха нисделла хIара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара кIентан безамах, тешара иза юха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги тIехь дешнера цо ширачу Грецехь дукха чIогIа безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. ЙоьIана ша бехке хетара сел чIогIа ИбрахIим веза а везна цунах къастарна.


Жимма хан яьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух юй. Цо чIагIо йира и бер дIа ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна яра ша ИбрахIимана кIант вер ву аьлла. Кхолламо хIун хьоьху ца хаьара йоьIана, амма хIинца дахар деса ца хетара, дахаран маьIна цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас хIинцале сатуьйссура ша вина кIант воккха хилча я лор, я хьехархо хиларе, хIунда аьлча ИбрахIима а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца дIадоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна ехха Iаш яра иза ИбрахIима совгIатна еанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин агIонаш дIа а луьстуш.

Цу книгас дуьххьара ИбрахIим вевзинчу дийнахь санна юха а ядийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. ХIинца и шатайпа мохк хийра бацара йоьIана, хIинца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн тIамарах схьадаьлла ма дара. ХIинца кхи тайпа хьоьжура йоI дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана ямарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш кIиллой. И цхьа гIалат ду… дахар дуьзна ма ду цу гIалатех. ИбрахIимах хIара къастар а ма ду дахаран цхьа Iаламат доккха гIалат.


Чехкачу догIанан Iовраш санна йоьIан юьхьтIехула охьахецаделира бIаьрхиш.

– ХIунда хили те хьо соьца сел къиза? – цхьа къора мохь белира йоьIан кийрара.

Хаац хьанна хьажийна дара цо и хаттар – я кхолламе, я шен безаме, я дерриге а дуьнене. Цунна цкъа а карор дац цу хаттарна жоп. Цуьнан дагчуьра Iийдало и бIаьрхиш цхьаъ цхьанна тIаьхьа йоьIан карахь долчу ИбрахIиман суьрта тIе лоьгура… цо белхабора шена кхин ган ца боьгIна безам…


Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх