Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 16

Безаман Къа
III

Оглавление

ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Я бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца Iожалла яхьаш богIу хьеший. ИбрахIимана хIинца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас СаьIида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу гIо – иза ша дерриге а башха кIоргера ойла ян ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига дIакхоччушшехь кхийтира цунах ИбрахIим.

Маьрша адамаш дайар а, гIаланаш а, ярташ а тIе бомбанаш етташ хIаллак яр а цхьаьна ца догIура Советски Союзан пропагандица.

Юккъерчу бIешерашкахь дуьйна йина хилла и шира гIаланаш а, ярташ а, адамийн цхьа декъаза Iер-дахар а, аккха Iалам а – афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь юьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш хIора буса кара герз а оьций, мостагIашна дуьхьал тIом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно кIезиг дара.

Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира ИбрахIимана цу тIамехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура тIеман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.


Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь ИбрахIима куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Ялх сохьтахь цхьаьна а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш дIалаьцна лекхалла. Цу тIамехь доьналла гайтарна ИбрахIимна орден а елира, иштта бархI денна цIа ваха мокъа а витира. Иза лаккара совгIат дара. Амма ИбрахIим цIа ваха ца тигира, хIунда аьлча кхуьнан доттагIа Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана кIело йинера. Юрий чIогIа лазийнера – пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхяьллера цунна даьндарг. Тамашийна хIума дара иза дийна виссар а.

ТIеман накъосташа хала араваьккхира иза кIело йиначу меттигера. Крутов лазийначул тIаьхьа ИбрахIим цуьнан метта талларан ротан командиран гIовсан дарже дехьаваьккхира.


ИбрахIима Афганистанехь шо сов хан йоккхуш дукха хIума хилира. Лазамо дог Iийжадора цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа тIеман накъостий дIаоьхуш. Кхузахь хиира доттагIаллин мах а. Сацанза Iенара цIий, даима юххехь хеталора Iожаллан и шийла садеIар. ТIамна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан цIе цкъа а ца ян летта ю кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.

ИбрахIима сих-сиха кехаташ яздора цIерчаьрга. Цаьргара жоп а догIура. Амма ИбрахIима Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп хIинца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха ИбрахIима тIеман декъера шен накъосташка яздинчу кехаташна а ца догIура жоп, иштта Крутовс Галине яздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.


Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу юкъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.

РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим юха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна елира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а. ИбрахIим старшинан цIе а елла, демобилизовать вира. Кабулан тIеман аэродромера иза кеманахь Москва дIавогIуш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш.

ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина яьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен яцара. Хала ма ду дуьненчохь ваха дагчохь гIамаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех хIораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан.

Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна юкъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь юха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех хIора а шен Даймахка юхавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара тIом бан боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш гIовттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара хIиттина кхаьчнера уьш цига дIа. Ма кIезиг хетара Даймехкан дуьхьа дIалуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме гIовттуш. Амма хIинца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира юха хьаьжна, шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке тIаьххьара бIаьрг тоха…

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх