Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 12

Эскар
III

Оглавление

Iуьйранна хьалхарчу Майхь арахь серсаш догIа долушшехь, парад хилира.

Сарахь тIеман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран ЦIийнахь тIеман гIуллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.

Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, хIунда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла ю, хIунда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгкIелахь болчеран эскарера дахар.

Ткъа хIинца тIеман дешаран ялх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа, цхьажимма садаIа аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь дIаолу иллеш а дара дог ира-кара хIиттош.

И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар тIемалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка еанера тIеман декъан командиран политически белхан гIовсан хIусамнана Вера Степановна а шен йоI Ольга цхьаьна а йолуш. Царна тIаьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов хIинца а зуда ялонза вара.

ТIеман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йоI чIогIа хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца юкъаметтиг нисъян а.


Литвинов гIеметтахIоьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхьяккхира тIеман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан цIе а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан цIе елира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь хIуммаъ кIезиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, тIеман хаарш – цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш тIехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.


Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна юкъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.

Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу яьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина яра. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхяьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза яцахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца юьссура.


Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта яцара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.

Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а яцара йоI, цундела цо гIиллакхехь юхатухура капитана шега кхийдо безам.

Капитан шен йоI езаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхаеш а яра. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта еанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а яцара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан ерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.

– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а юкъахь санна яра. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда ю цо дIайоккху хIора а гIулч. Концерт дIаяьлла аьлла биначу хаамо юкъах ехира йоьIан ойланаш.


Подполвковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.

Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.

Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана елла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.

Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. ИбрахIим хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран гIовс хIоттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь дIадоьдуш дара.


Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх