Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 5

Iадат
I

Оглавление

Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура юрт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан яра массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Еха къоьжа месаш а, яьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан юьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.

ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара яханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш яра генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе яьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса юха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.

Ткъа юха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин юхавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза ян гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.


Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира – цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг яцара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхяьккхинера. Рицкъ хиларна Заурбек виссира.

Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел яра йоьдуш – цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьялча, Iадатан кхел хир юй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.

Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета. Амма чаккхе йоцучу тIемашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн чIир лехаран Iадато ур-арталла совцабаро адамна тIекховдарах.

Сталин веллачул тIаьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьненчу велира цуьнан дуьххьара кIант СаьIид. Денош а шераш а луьстуш дIауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.

Амма дукха хан ялале нана дIаелира. 1941-чу шарахь Брестан гIап ларъеш доьналлица кхелхиначу шен цIийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро гIелдинчу цуьнан деган кхин дIа деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра дIаяллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла юьхк.

Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу тIамехь. Цхьаьна Брестан гIопехь тIеман хьалхарчу деношкахь шайн синош дIаделира ши бIе сов нохчийн бIаьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара ямартхойн йоцу цIе а кхоьллина массо а нохчий а, гIалгIай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, ГIиргIазойн махка а дIабохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь ЦIечу эскаран дезчу дийнахь.

РеIадат кхелхинчу дийннахь дIайоьллира. Назманан гIийлачу узамца тIаьххаьрчу новкъаеккхира кIеда-мерза, комаьрша хилла нана…

Цкъа а ца хилча санна дIаелира иза Заурбекан дахарера, кIентан дагчохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а юьтуш. Гергарчу наха гIо дина доллушшехь, дайн Iадаташ лардеш, йолла ма еззара шен нана дIайолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а гIийла яра. Чуртан метта РеIадатана кошан гIовланга цхьа жима тIулг биллира. Иза хIинца а Iуьллу цигахь… нехан лаьттахь. Ткъа цIа а еана дIайолла езаш ма яра, амма цкъачунна я таро а, я ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам кIенташа кхочуш бийриг хиларах.

1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а буьрсачу Iай бIаьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла тIомаяьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка цIа оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш. ЧIир хьаьрчина хилар бахьана долуш, цIехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи дIа а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла Iаш бацара, я эшна а бацара. СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.

Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.


Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а яьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен юьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.

Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхяьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а ерзийна, нехан цIентIе дIаяхара Зарган а.

Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбека массо а берашна юкъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.

Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа юкъаметтиг…

Нохчийн массо а Iадаташна юкъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч ю кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь юьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, юкъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена елахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Еха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, юьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.

Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал хIуьтту шайн деха къамел дIадоло. Шина а агIоно билгал ван везаш волу къано юкъараллехь дика цIе йоккхуш, динан Iилма долуш хила веза. Кху шина а агIонна маслаIатан векал хиллера юртахь а, махкахь а дика цIе йоккхуш, бусулба динан Iилма Iаморехь а, даржорехь а дика кхиамаш баьхна, юкъараллехь лоруш волу ЧIиннахара къано Абу-Хьаьжа.


Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера я, юьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху гIуллакхан муха тIаьхьало хир ю. Ткъа бина сацам шина агIоне бовзуьйту. ЧIирхо вуьту, амма цу тIехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг вийначеран агIонера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу КъорIанан сураташна тIетевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду АллахI Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дегIах къасто цу АллахIан бен бакъо а яц. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн юкъараллас кху дийне схьадеанчу Iадатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маьIна массарна а кхеташ ду – оза терза карор доцуш еза ю нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъян къонахалла, доьналла хила деза хIорангахь а…

Бехк боцуш вийначун чIир атта йитина яц нохчаша. Хийла цIий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна чIир бахьана долуш, хийла хьех ю мостагIех ведда чIирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга юха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьгIазло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург гIиллакх ду!

Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана чIирхо и хьаша хиларна витина масалш. И чIир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, чIирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, юьстах а доккхий, цунна тIехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла – оха тхайн стагах чIир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера дIахьо. Иза ю и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла… кху дуьненан букъа тIехь цуьнца юста мехала карор яц цхьаьнна а я, карийна а яц…

Шен къамел дерзош, цо чIирхошка хаам бо уьш бита а, тIелаца а дуьхьал йолу агIо реза хиларах лаьцна, ткъа цул тIаьхьа шайн стаг вийначу мостагIашна цIий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а АллахIа баларна хастам беш доIа до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са цIийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара ял хир ю.

Цул тIаьхьа чIирхойн агIонера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш тIеэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган цIий хьанал дарна. ТIаккха шина а агIонера нах куьйге боьлху.

Амма цу тIехь а чекх ца долу и. ТIекхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а чIогIа дагах кхеташ, и дог карзахдоккху мIаьрго. Селхана-стомара мостагIий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой дIахIуьтту. Цу гуонна юккъехь лаьттачу гIанта охьахуу чIирхо, ткъа цунна тIевогIу чIирхочун карах веллачун кIант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь чIирхочо лечкъийна хилла юьхь. КIентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха чIагIо йиначу стеган тахана цуо хIуммаъ собарах ца вухуш, маж а, корта а бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь хIоттийна хилла уггаре а коьрта Iалашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. ЧIир леха араваьлла хилларг кху мIаьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс цIий Iано айдина дац, шина тайпанна юкъара мостагIаллин пардо дIайоккхуш айдина ду. Шен чIирхочун юхьтIе оьзна башлаккх дIа а йоккхуш, цуьнан шерашца яхъелла къоьжа маж дIа а йошуш, цо тоьшалла до мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьгIазло, тховса шайтIа эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, хIара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, Iалам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу чIирхочунна цIий хьанал деш хиларан.

Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна» – Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн юкъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, я, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо яц чIир юьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисъелла яц нохчийн юкъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.


Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самаяьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-ярра сийна яра, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….


ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира юха а и гIиллакх цаьрга кховдо.

Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь юьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъялийта…

Машенийн а, автобусийн а еха могIа новкъа елира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…

Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот ялале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна юкъара милла а цхьаъ шега вистхила юьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца еш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча яьлларг ткъа минот бен хан яцара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго еш даима а цхьацца оьрси а хилла.

Кхайкхаза баьхкина хьеший СаьIидан Iодика а йина дIабахара. СаьIида дийцира гулбеллачаьрга уьш хIун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала хIума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца дIадоьрзура, амма хIете а шайгара дукха ца оьшу, Iадатаца ца богIу хийцамаш бора цара хIара тайпа гIуллакхехь. ЧIирана партис кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан чIирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн юкъараллера чIир йитаран Iадат дIадаккха.

Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь хIумма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан Iедалан заманахь КГБ вуно чIогIа ницкъ болу организаци яра. Цуьнан лергаш а, бIаьргаш а ца кхочуш ца юьссура Нохч-ГIалгIайчохь цхьа а генара а кIотар. Бахархой-м боьллера цу гIуллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха Iедалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн юкъараллехь цIанлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, юьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш юьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца ямарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара юкъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.

Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна юьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, я Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.


Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш ялахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.


СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.

СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна юкъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла яц аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо юха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел еза ю Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически юкъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.

Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…


Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.

Къаночун къамелана новкъарло ярна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна юкъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна юкъахь машар бан лаьтта.

Тасуев Заурбекана (ТIасин Акин Генжин кIантан Наурдинан васт) стаг ву тахана вуьтуш – цуьнан карах веллера Дога, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш церан доьзалах дош дала бакъо юй, хIунда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра юкъара майданера буьрсачу Органан чIоже вигира. Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а юкъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна юкъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза яра, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг ялх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъян, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш ерг Даймехкан маршо яра. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Юьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу юкъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Юха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и юрт екош мохь туьйхира:

– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-яI мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.

Уьшкхалахо кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.

Ткъа юха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.

Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира – шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган аьлла. Оцу кепара боки-дукъархоша гайтина яьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-яI нохчалла… Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш яха дац-кх атта…


ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца еш дIа чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.

Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш яржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Яханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур яц. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша еара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек юха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…

ХIинца цуьнан бакъо ю лаьмнийн кIажехь Iуьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа юьрта доьзалца цIа верза. Муха ю теша и хIинца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь яьлла-м дац те? Юьрта йистера гу тIехь хIинца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? ХIинца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна кIайчу зазанца кечбелла, лаьттий тIе хIинца а дадас дIабийна хилла кхор? Ткъа хIаваъ… хIинца а дуй теша иза ишта цIена? Хеталора иза кху юьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош тIера мархаша гулдой хIора а Iуьйранна кху юьртана совгIатна дохьу…

Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца яйна хилла кхерчара цIе юха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана хIинца хIара дерриге а дуьне кхечу агIор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган цIий Iанор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…

ХIора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, хIунда аьлча кхана догIур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.

Цу сарахь сагIа а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса яьлча дIасабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар хIинца а дIабанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна хIусам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара – Заурбек а, цуьнан жимох волу кIант ИбрахIим а…

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх