Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 4

Авторан дош

Оглавление

БисмиллахIир-рахьманир-рахьим. Алхьамду лиллахIи раббил Iаламин.

Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.

Дахаре бIаьрг беттар яздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – Iожаллан сурт дуьллучул.

Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен ерриге а къаьхьаллица.

Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.

Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.

Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр ю аьлла.

ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.

Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна,

– амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.

Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца ялар а.

Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…

Акаев ИсмаIал

2001шо


Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх