Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 13

Эскар
IV

Оглавление

ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, екхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов яра. ГIалара дитташ а, зезагаш а адамаш санна гIелдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш тIера ченаш ловзош баьллачу мохо а гIо ца дора, хIунда аьлча иза бовха бара. ГIалин паркан шийлачу Iома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах кIелхьарабовлийла.

Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан яьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза. Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-яI ма хаза хан ю-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхяьлла дагалецамашкахь ша ма ярра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъелла ши йоI кафе яхара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIаяха дийзира.

Паркера цхьаьна гIанта охьалахъелира ши йоI, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, тIаьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост. Мехкарий-м боккъалла а кхерабеллера. Орца деха а ца хIуттура ши йоI, хIунда аьлча ца хаьара диканна ара ца ваьллачу шинна хIун дагадогIу а. Шаьшиммо хIун дан деза ца хууш йиссиначу шина йоьIан йоьхна ойланаш юкъахъехира цIеххьана тIекхаьчначу шина саьлтичо.

Церан тIеман духарах а, зоьртала догIмех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха дIавахара. Дукха кхераелла Iадийна йоI юьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.


Мокъа хан яьллачуьра, ИбрахIим а, Юрий а гIалахь садаIа меттиг лоьхуш вара. Концерте я, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца догIура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, Iома йистехь лаьттачу IиндагIах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн Iалашонаш.

Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь хIинцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам чIогIа хиларах. Амма мехкарийн амалш хIинца а йовзанза волу ИбрахIим дIаваха сиха вара, шаьшинна гIуллакх цу тIехь чекхдаьлла моьттуш. Амма Юрийс шина йоьIана ца гуш муьшкаш а йина кхетийра накъост. Зудбераша хазахетарца тIелецира шайга кховдийна гергарло. Вовшашка цIерш а хаьттина, кегийчу нехан къамел тассаделира. Юрийс минот ялале тIеберзийра зудаберийн тидам. Ткъа ИбрахIима-м вист ца хуьлуш, эсала лаьттара, оцу кепара Ольгин дагчохь яьлла цIе кхин а чIогIа марсайохуш. Юрий реза вацара шен накъостана:

– Кхунна оьгIаз ма гIолаш! Дукха хан яц хIара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа юха хьалавала муш хаьдда виссина хIара, цундела жимма аккха ву. Дика кIант ву шуна хIара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.


ИбрахIим вовза луучу Ольгас ша долийра кIантаца къамел. Цкъачунна ИбрахIим цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш Iаш вара, амма жимма хан яьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.

ИбрахIим нохчо вуй хиъча, Ольгас элира шен нохчий цкъа а гина а я, бевзина а бац, ша Толстойн а, Пушкинан а, Лермонтовн а говзарш йоьшуш бен, ткъа уьш махках бахарах лаьцна дас дуьйцуш хезна шаьш доьзалехь цхьаьна телевизиорчухула сийлахь хелхарчах Эсамбаев Махьмудах лаьцна передаче хьовсучу хенахь.

ЙоьIа дийхира цуьнга дийцахьара ахь хьайн Даймахках лаьцна…

Юьхьанцара цунна ца хаьара ша хIун аьлча бакъахьа хир ду те, ткъа юха-м сацам бира ши-кхо дош аьлла тоам бан. Амма цу Даймехкан васт дуьхьал хIоьттича, дешнаш ша ламанца дистина догIу ахка санна охьахецаделира. Шийлачу гIайгIано къийзочу дагчуьра самабевлла дагалецамаш туьха тесча санна Iийжара кийрахь. Цо дуьйцура цуьнга хIоразза а ламанца сатоссучу хенахь шен кийра муха шатайпа цхьа тамашийна синхаам буссура. Ша йоккхучу хенахь и сурт хIора а Iуьйранна шена духьал хIуттуш доллушшехь, иза цец вийлина ца вуьйлура Даймехкан Iаламан исбаьхьа хазаллех.

«Ламанца Iуьйре даима а екхна хуьлу, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Тхан юьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча – доггах дуьйцура кIанта – цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а. Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамаша тIома ваьккхина ИбрахIим шен генарчу хIусаман кетIахь лаьттара, Даймехкан хазаллех бер санна воккхавеш. Цуьнан къамелехь цхьа тамашийна мукъам хезара. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хеталора и мукъам лаьмнаша язбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан. Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург етташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, юха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а суртдиллархочун а, я илланчин а. ИбрахIиман ховхачу деган къайленашкара схьаоьхура и дешнаш, амма хIете а цунна хеталора хьомечу Даймехкан хазалла йийца уьш кIезиг ду. Иза дIатийра… бIаьргаш хьалха лаьттара дай баьхна латта, ойланаш йийсаре лецира Даймейхкан исбаьхьа васта…

ИбрахIима сел хаза, сел боккхачу лазамца а, мерзачу безамца а буьйцу шен и шатайпа Даймохк йоьIан бIаьргаш хьалха дIахIоьттира. Цунна моьттура ша а лаьтта хIинца цу леккхачу лаьмнийн когашкахь, церан йист йоцучу сийлалло Iадийна. Цуьнан сина а, дегIана а хаалуш бара цу лаьмнийн лайш юкъара схьахьоькху и маршонан мох. Цунна хьалха лаьттара цигара маьрша адамийн и шатайпа васташ – церан доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. ЙоI кхийтира хIунда ву ишта чIогIа ИбрахIим массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. ЙоьIана хиира хIинца иза хьанах тера ву – иза шена дезначу ламанех тера вара…

Цу шиннан къамел деха хилира. ЙоьIана а, кIантана а лиира вовше довза. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара хIара цхьаьнакхетар тIаьхьало йолуш хир дуй.


Ольга а, Галина а цIа а кхетийна, ИбрахIима а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи дIа а зIене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рогIера мокъа вала маца йиш хир ю.


Маьлхан къегина зIаьнарш корах чухьоьжура, йоьIан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна яцара йоI. Са хуьлуш бен набарна дIа ца тевжира иза, цундела башха тховса дог догIуш яцара Ольга. ДегIах хи а кхерзина, кухни чуяхара иза. Марта диъна а яьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш хIума.

Жимма хан яьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре яьллачу шина йоьIан къамелан тIаьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши кIант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца хIума, цундела мехкарийн сацам хилира юха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а еана юха а гIанта охьалахъелира ши йоI. Гена доцуш лаьттара и ши йоI санна къона а ховха а долу кIайн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен IиндагIа кхийдадора.

Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин цIергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. ХIоранна а хетара ша хаьржина волу кIант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара – маца вера ву теша и шиъ зIене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллаелира – нагахь санна кху кIиранан дийнахь ши кIант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ тIеман декъе гIур ю. Бахьана каро хала дацара – сиха гIуллакх нисделла Ольги да волчу еанера ала мегар ду, я капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, хIунда аьлча йоьIана хаьара шен да реза хир воций.

Мехкаршна хазбеллачу кIентийн коьрте а догIур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоьIах цхьаъ подполковник Тарасовн йоI юй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх